Стихи на Чеченском:
БУСУЛБА САН НОХЧИЙЧОЬ
Вайн лаьмнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь.
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусалба сан Нохчийчоь!
ЛаилахIа ИллаллахІ,
Ларье везчу Дала хьо,
ЛаилахІа ИллаллахІ,
Бусалба сан Нохчийчоь!
Дог дохна, бер санна, гIийла,
Оллалой ма хьежа соь.
Хьан седа лепийта хийла,
Со лойла хьан Нохчийчоь!
ЛаилахІа ИллаллахІ,
Ларье везчу Дала хьо,
ЛаилахІа ИллаллахІ,
Бусалба сан Нохчийчоь!
Къарйина, хІоттор яц гора,
Кур оллабойтур бац хьоь.
Йиш ящ хьан дашо малх кхола,
Бусалба сан Нохчийчоь.
ЛаилахІа Иллаллах1,
Ларье везчу Дала хьо,
ЛаилахІа ИллаллахІ,
Бусалба сан Нохчийчоь!
Лечано хелхар деш говза,
Баланаш, гайгIанаш тоь.
Махкана дерриг ду ловзар
-Елало, сан Нохчийчоь!
ЛаилахIа ИллаллахІ,
Ларье везчу Дала хьо,
ЛаилахІа ИллаллахI,
Бусалба сан Нохчийчоь!
Даш кхетта, эгча, син метта,
Маршаллаш кхохьуьйтуш хьоь,
Леш болчу хьан кентийн метта,
Со лойла хьан Нохчийчоь!
ЛаилахІа ИллаллахI,
Ларье везчу Дала хьо,
ЛаилахІа ИллаллахІ,
Бусалба сан Нохчийчоь!
1997 шо
АЬРЗУНАН ИЛЛИ
Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,
Мел лекха ду церан сий!
Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:
Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и.
Велало-векхало мел хала хиларх,
Даима Iалашде ахь,
Лам тIера ло санна, дайн цIена гIиллакх,
Кхерчара цIе санна, яхь.
ТIеман кIур гIиттинчохь, хьаргIанаш хьийза.
Ма даръе воьжначун чов.
Осала гIиллакх ду йийсарца кьийсар.
Аьрзунехь куралла тов!
Велало-векхало мел хала хиларх,
Даима Іалашде ахь,
Лам тера ло санна, дайн цена гиллакх,
Кхерчара ціе санна, яхь.
Маьрша стаг кхоллина дуьнен тIехь ваха,
Беза бу адаман мах.
Деза ду латта техь мулхха а дахар.
Кьонахе и ларде бах.
Велало-векхало мел хала хиларх,
Даима Іалашде ахь,
Лам тера ло санна, дайн цена гIиллакх,
Кхерчара ціе санна, яхь.
КIорнина чов хилла, аьрзу дІатийна,
Шеллуш ду кхихкина ціий.
Хилий вай массарца дог-мерза, ийна.
Вай лаьмнийн гиллакх ду и.
1997 шо